Дийнахь буса коронавирусах 12 стаг велла, 411 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь
Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а велла кхоккха вахархо, Ставропол-махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – шишша, Краснодар-махкахь а, Нохчийчохь а – цхьацца. Официалан статистикаца, верриг а велларг ву уьнах Къилбаседа Кавказехь 905 стаг.
Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а коронавирусах цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду:
Ставропол-мохк +129 (6625 юьхьанца дуьйна)
Краснодар-мохк + 66 (7045)
Дагестан + 44 (8691)
ГIалмакхойчоь + 40 (2315)
Кхарачой-Чергазийчоь + 28 (4162)
ГIалгIайчоь + 27 (3393)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 25 (5751)
Адыгей + 18 (2326)
Къилбаседа ХIирийчоь + 17 (4320)
Нохчийчоь + 17 (1895)
Ткъа ерриг а Оьрсийчохь Товбеца-беттан 17-чу денна Оперативан штабо гойтучу статистикаца а догIуш, коронавирусах цомгуш хиллачу адамийн барам кхаьчна 759 203-нне.
Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.