Европан Барто ун даржарна кхераме йоцчу пачхьалкхех лору Гуьржийчоь
Керлачу тептаро шайн дозанаш деллар хьоьху ЕвроБертан пачхьалкхашна Алжирца, Австралица, Канадица, Гуьржийчоьнца, Японица, Мароккоца, Керлачу Зеландица, Руандица, Къилба Корейца, Таиландца, Тунисца, Уругвайца.
Кхераме йоцчу пачхьалкхийн декъа йогIу Китай а, амма цуьнца дозанаш доьллур ду, цо ша а и гIулч яьккхича, боху тептаро.
ЦIерш яьхначу пачхьалкхийн могIарахь ю Гуьржийчоь а. Ткъа ша Гуьржийчоьно хьалхо диллира дозанаш Европан Бертан 8 махканна - Германина, Францина, Латвина, Литвана, Эстонина, хаам баржийна Гуьржийчуьрчу "Юкъараллин хаамча" ресурсо.