ГIалгIайн парламентан депутат Белхороев лаьцна дIавигна Москва
Бехк толлур бу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан коьрта урхаллехь, ФСБ-но дакъа а лоцуш.
ХIинцале Iедалхой хьаьвсина ГIалгIайчуьрчу СурхохитIерчу Белхороевн цIийнах а, цуьнан а, цуьнан гергарчийн а Москварчу петарех а, цIенойх а.
Хьосташа бахарехь, Бехктакхаман кодексера 210-гIа дакъа дуьхьалдаккха тарло цунна ("зуламаш ден юкъаралла кхоллар"). Цара дийцарехь, социалан товжоечу фондера 17 миллион сом лачкъорца а, Москвахь 7 бутт хьалха ГIалгIайчоьнан Экстремизманна дуьхьалоечу центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а верца а доьзна толлучу гIуллакхийн фигурант волчух тера ду иза.
КIира хьалха БуьритIерачу Ленинан кIоштан кхело магийра 17 миллион сом лачкъорах долчу гIуллакхца доьзна Белхароев Якъуб лаца.
СурхохитIерчу маьждигара араваьлча лецира Белхароев Москвара баьхкинчу ницкъаша дIадаханчу пIераскана. Бехкаш шена тIе ца эцна Белхароевс.
20 000 гергга мурдех лаьттачу, гIалгIаша веза лоручу БатIал-Хьаьжин вирдан хьалханчех ву оцу шайхан кIентан кIант Белхороев Якъуб.