Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ГIалгIайчохь кхел йийр ю полисхочунна. Иза бахьана долуш йийна, аьлла хета меттигерчу вахархочо шен йиша

ГIалгIайчохь бехктакхаман гIуллакх теллина даьлла, "сий лардеш" зуда ерца доьзначу гIуллакхехула жоьпе озийначу полисхочунна дуьхьал. 33 шо долчу цунна бехке дуьллуш ду, низам а дохош, шен даржах пайда а эцна, къайле йолу адаман дахарах лаьцна хаамаш, цуьнга а ца хоттуш, баржорна, хаам бо Кавказ.Реалиино, меттигерчу прокуратурана тIе а тевжаш.


Вуьйцург ву харцонца ахча даккха гIертарна бехке вина меттигера вахархо Альтемиров Iийса схьалоцуш дIаязйина видео социалан машанашкахь зорбане яьккхина волу полицин белхахо. Оцу видео тIехь шен йиша а гина иза йийра меттигерчу вахархочо Могушков Мохьмадбашира. Цу кепара "тIедеанчу эхьах шен доьзал цIанбина" ша, элира цо.


Полисхочун бехктакхаман гIуллакх хатта дIахьажийна Магасан кIоштан кхеле.



Хьалхо Кавказ.Реалиино яздина ма-хиллара, кхушара Чиллан-беттан 7-хь полисхошна йина карийра Евлоева Лиза (маре яхалае – Могушкова). 33 долу иза кхелхинера деган накхана тIе кхузза урс тохар бахьана долуш. ТIаьхьо полисхошна тIевеанера цуьнан ваша – 37 шо долу Могушков Мохьмадбашир. Цо мукъарло дира низамашлардархошка, шен йишин "цIийца шайн доьзал тIедеанчу эхьах цIанбина" ша аьлла.
Полисхочун дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийра, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Пушкина Оксанас Евлоева ер хьокъехь таллам бар доьхуш Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнца Бастрыкин Александре кехат яздинчул тIаьхьа.  
Зулам даран бахьана ду, Альтемиров Iийса лоцуш полисхоша яьккхинчу оперативан видео тIехь Евлоева хилла хилар. Альтемиров ву марехь болу зударий вон лела карзахабохуш, ткъа цул тIаьхьа, шаьш яьккхинчу видеоца шантаж а еш, ахча доккхуш хиллачу бандан декхашхо.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *