Къилбаседа Кавказехь 8 стаг велла коронавирусах, 403 цомгуш хилла дийнахь-буса
ТIаьххьарчу дийнахь-буса 8 стаг велла коронавирусах, 403 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь.
Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, беллачаралахь ву ГIалмакхойчуьра кхо стаг, Дагестанера, Ставропол-махкара – шишша, Краснодар-махкара – цхьаъ. Пандемин муьрехь Къилбаседа Кавказехь велларг массо а ву 913 стаг
Дийнахь-буса а, юхьанца дуьйна а цомгуш хилла:
Ставропол-мохк +141 (6766)
Краснодар-мохк + 70 (7115)
Дагестан + 44 (8735)
ГIалмакхойчоь + 31 (2346)
ГIалгIайчохь + 26 (3419)
Кхарачой-Чергазийчоь + 23 (4185)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 20 (5771)
Адыгей + 18 (2344)
Къилбаседа ХIирийчоь + 17 (4337)
Нохчийчоь + 13 (1908)
Юьхьанца схьа коронавирус хьакхаелла Къилбаседа Кавказерчу 46 810 стагах, боху официало. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 765 816-ннах.
Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.