"Рейтер": Либин мехкдаьттан NOC компанино шена зуламе лору Оьрсийчуьра «Вагнер»
"Рейтер" агенталло бечу хаамца, NOC компанино бехкеечу арахьара Либе яьхкинчу тIеман тобанашлахь цхьа «Вагнер» хилла а ца Iа, бу Шемара а, кхечу пачхьалкхашкара а баьхкина тIемалой. Либино мехкдаьтта доккху меттигаш кхайкхаза махка биссинчу арахьарчу ницкъаша тIеман хьашташка ерзийна, масала, Эс-Сидр портехь, боху агенталло.
Либин къоман мехдаьттан NOC компанино шен белхан объекташ тергалъян векалш бахкийтар дехна Дуненаюкъарчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацига.
Вашингтоно дуккхаза а дIахьедарш дина Оьрсийчоь Либин чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIертар емалдеш. Ткъа Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло хIоразза а луш долу жоп цхьаъ хуьлу: доцчу факташна тIехь кхоьллина Либин бахьанехь буьллу бехк, билгалдоккху "Коммерсантъ" газето.
Либехь чоьхьара ши ницкъ бу Iедал къуьйсуш. Цхьаъ – Саррадж Фаезан Триполера «Къоман бертан Iедал», шолгIаниг – Тобрук гIаларчу парламентехьа волчу инарлин Хафтар Халифан «Либин къоман эскар».