"БуьритIе-Мазалк" некъан проект хийца боху Iедале ХIирийчоьнан бахархоша
Иза доцуш, керлачу некъо хадор бу шаьш юьртан кешнашна тIедоьлху некъ а, йохор ю юьртара бераш ловзу спортан майда а, боху наха.
"Шо долалуш мехкан куьйгалхочо Битаров Вячеслава президентанна Путинна дош делла, кхушара некъ бина бер бу, аьлла. Цундела хIайт-аьлла беш бу некъ, иза буьллучу технико хIинцале хIаллакбина эзар шерашкахь хотешца лаьттина шира хIолламаш – историн мехаллаш. ХIетахь нах меттахбевлира, Iедал кхераделира йоккха скандал эккхарх, некъ Зилги юьрта берзийра. Юьхьанца некъ беллачийн чалхашна тIехула дIабахьа гIоьртира, хIинца иза дийна болчу наханна тIехула буьллуш бу", - яздина шен телеграм-каналехь хIирийн журналиста Сагеева Мадинас.