Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчохь еллачу Умаева Мадинин хиллачу цIийндена цIа дина Кадыровн фондо

Гуьмсехь елла, сихаллехь дIайоьллинчу Умаева Мадинин марзхошна керла цIа дина Нохчийчоьнан Iедалхоша. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь гайтина цунах лаьцна сюжет шоьтан дийнахь.




Еллачун хIусамда хилларг ву шен кхаа бераца керлачу хIусаман чоьнашка хьоьжуш. Билгалдаккхарехь, Кадыров Ахьмадан фондан чоьтах дина ду цIа.


"Массо а оьшу хьелаш хIттор а, иштта йийбар а цхьана гIоьналлин организацино шена тIелаьцна", - боху сюжетехь.



Мангал-беттан 12-чохь елла карийра Гуьмсехь 23 шо долу Устрада-гIалара Умаева Мадина. Оцу буса сихаллехь дIайоьллинера иза. Талламан комитетан тIедилларца, еллачунна эксгумаци йира.
Хьалхо хааме даьккхинера, йоьIан дакъа хьаладаьккхича цуьнан нанас Довлетмирзаева Хутмата дIахьедина хиларх, шен йоьIан дегIа тIехь муо гира шена, цундела иза йийна хиларх шеконаш ю шен аьлла. Жимачу зудчун марзхоша дIахьедора, эпилепси олуш яра иза, лазар деана елла бохуш. Кхо бер диссина Умаеван – кIант а, ши йоI а.
Хиллачун духе кхиа юкъагIоьртира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Конфликтан массо а декъашхошца цо гулам дIабаьхьначул тIаьхьа, еллачун нанас Хутмата шена гечдар дийхира невце Хамидов Висхьаьжига а, цуьнан нахе а, ша "доцург" дийцарна.
Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре бевлла оцу инцидентан хьокъехь бакъонашларъярхой, Умаеван гIуллакх таллар Нохчийчоьнвл арахьа хилийтар доьхуш а, цунна тIехь цо шен контрол яр доьхуш а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *