Социалан машанашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхо а, меттигера Iедалхой а хестабар тIедожийна белхахошна
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана карарчу беттан 8-чохь хьаькамашан тIедожийра, "экстремизман а, Малхбузен мехаллийн а идеологашца" беш болу къийсам чIагIбе аьлла. Оцу белхан контрол латтор зорбан министрна Дудаев Ахьмадна тIедиллира цо.
Дахначу кхаарин дийнахь йоьдучу кхеташонехь Кадыровс дIахьедира, Нохчийчохь пачхьалкхан хьукматашкахь болх беш мел верг "Грозный" пачхьалкхан телеканалан социалан машанашкарчу аккаунташка язвелла хила везаш ву аьлла.