Къилбаседа Кавказехь 5 стаг велла коронавирусах, 314 вахархо цомгуш хилла дийнахь-буса
Эпидеми дIаса ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Ставрополан кIоштахь велла ши стаг, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, Краснодаран махкахь а кхелхина цхьацца.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана велла COVID-19 уьнах 919 вахархо.
Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 101 стаг.
Ставрополан кIоштахь +101 (6 990 ву эпидеми яьржичхьана) Краснодаран махкахь + 72 (7 262)
Дагестанехь + 41 (8 819)
Кхарачой-Чергазийчохь + 22 (4 234)
Адыгейхь + 20 (2 384)
ГIебарта-Балкхаройчохь + 16 (5 807)
Къилбаседа ХIирийчохь + 16 (4 369)
ГIалгIайчохь+ 10 (3 448)
ГIалмакхойчохь + 8 (2 371)
Нохчийчохь + 8 (1 927)
Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даьлла ву 47 495 пациент. Таханалерачу дийнахь Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь 777 486 стагаца къаьстина COVID-19 вирус.
ТIаьххьарчу шина кIиранчохь Ставрополан кIошт ю цомгаш нах дукха хиларца хьалхаяьлла. Дахначу кIиранах юьртабахаман министро хаамбира, зIакардаьхнийн фабрикан белхалошлахь эпидеми кхерстина аьлла. Кхул а хьалха ГIалмакхойчоь яра эпидеми яржарца йийцаяьккхина.
Регионалан зерашца цхьана ца догIу кест-кеста федералан штабо кхийкхош долу терахьаш. Ткъа штабо лечу нахах деш долу зераш лахара хуьлу Росстато а, регионаша а Iорадохучел а. Терахьаш дагардар кеп-кепарчу методикашца хиларна ду бохуш, дIахьедо хьаькамаша.