Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадырова Iайшат "йоккхайоь" ша Америко "Iаьржачу тептаре" яккхарна

Американ Цхьанатоьхнчу Штаташа оршотан дийнахь шена дуьхьал санкцеш яхарна дуьхьал жоп делла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоIа Кадырова Iайшата инстаграмерчу аккаунтехь, яздо Фонтанка.ру ресурсо.


"Даим а, массо а хIумана тIехь сан дена тешаме гIоьнча хир ю со. Суна хетара, айса кIезиг лоцу гIо кхин башха хаалуш а дац, цундела ца моьттура хIордал а дехьарчу пачхьалкхехь а суо оццул гоьяьлла хир ю, сан цIе цхьана тептаршка а язъеш. Бакъду оцу цхьана факто кхин цкъа а тешам бели суна, ас мел дийриг нийса хиларан!", - яздина Кадыровас.


Карладоккху, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоккхаха йолчу йоIа Кадырова Iайшата куьйгалла дечу Firdaws брендан 10 шо кхачарна лерина духарийн гайтам дIабаьхьира Францехь.  Чиллан-беттан 23-хь  Парижерчу  Le Marois хьешан цIийнехь гайтира "Безаман истори" цIе йолу духаран керла коллекци  


Ткъа Францера Iайшат юхайирзинчул тIаьхьа цунна мидал елира "Нохчийн Республикана хьалха хьуьнарш гайтарна" аьлла. И совгIат цунна Зазадоккху-беттан 8-хь дIаделира Кадыровн администрацин куьйгалхочо Закриев ИбраьхIима. Болчу хаамца, Закриев ИбраьхIим Кадыровн йишин кIант ву.


Маршо Радиос яздира оршотан сарахь, Iазапаш лелорна а, кхел йоцуш нах байъарна а, кхиндолчу бакъонаш йохорца а доьзна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал керла санкцеш яхарх Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто.


"Иттех шераш хьалха Кадыровс адамийн бакъонаш масийттазза шога йохийна, иштта, къизаллаш лелорах а, кхел йоцуш нах байарх а жоьпалла цунна тIехь хиларх билггал бакъйолу информаци ю департаментехь", - аьллачу Пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дешнаш далийна урхаллан пресс-гIуллакххоша оршотан дийнахь.


Билгаладоккху, санкцеш цуьнан хIусамненах Кадырова Медних а, цуьнан йоьIарех Iайшатех а, Каринех а(Хадижат) хьакхалуш хилар.


Кхечу пачхьалкхашка а кхайкхам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа цу кеппара билгалбаьхначу КадыровгIеран доьзалерчу нахана духьал санкцеш яха аьлла.


Телеграм-каналехь бегашца комментари йитина Кадыровс: "Помпео, оха тIом тIелоцу! Кхин дIа кхин а интересе хир ду" аьлла.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *