Москвахь кхечу къаьмнийн божаржца гергарло лелорна шайн мехкарий емалбо гIиргIазоша. Хьоло орцахъяккхина ГIиргIазойчоьнан милици
Социалан машанашкахь видео яьржина Москвахь бехачу гIиргIазоша кхечу къаьмнашца уьйрехь болчу шайн къоман зударшна таIзар кхайкхош.
ГIиргIазойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Оьрсийчуьрчу векалтан белхахой карарчу муьрехь лаха арабевлла зуламе некъ кхайкхийна шайн махкахой. Бакъду, хьалха а лехна цара иштанаш, амма каронза бисина.
Видео чохь вевзаш воцу ткъеха жимха ву Оьрсийчуьрчу болх бан баьхкинчу мигранташка къамел деш. «Вайн божаршка лан ца ло вайн къоман мехкарий Москвахь ирча лелаш, уьш кхечу къоман нахаца бевлла лелаш. Нагахь санна гIиргIазойн йоI кхечу къоман стагаца шайна гахь, хаийта цунна иза харц новкъахь юйла. Шозза цуьнга аьлча, иза ца сацахь, вай таIзар дустур ду цунна тIе. ТIаккха кхетар ю иза. ГIиргIазойн мехкарий буса клубашкахь карабо, цигахь доккхучу ахчанах кхобу цара даймахкахь бисина шайн доьзалш!», - боху видео чохь.
ДIахьедархоша кхойкху шайн къоман нах, «харцхьа лелачу гIиргIазойн зударийн» видео а йоккхуш, иза яржош хиларе.
Дикка хан ю кхечу къоман божаршца гергарлоне боьлхучу гIиргIазойн мехкаршна кхерамаш туьйсу видеош социалан машанашкахула яржайоьлла. Уьш йохучу божарша шаьш «патриоташ» ду олий яздо. Ткъа мехкарех олу цара «кхахьпанаш», тIера духарш доху, етта, видеош яржайо. Иштаниг шена тIехь дича, ша машанашкахула дIагайтича, лан а ца лайна, ша-шен цхьана йоIа ер а нисделла.
Москвахь цкъа бен ца лаьцна гIиргIазойн йоIанна еттарна стаг: 28 шо долу гIиргIазо вара иза, бехктакхаман гIуллакх гIаттийра цунна дуьхьал.
Кху деношкахь мехкаршна кхерам тосуш видео яржийнарш лоьху Москвахь ГIиргIазойчоьнан милицин векалша. Уьш дагахь бу меттигерчу диаспорица цхьаьнакхета а, ницкъ а беш, шайн мехкарий «къоманна эхь тIедалочуьра совцор» низамехь доцийла хаийта а. Амма дуккха а нисло социалан машанашкахь, юьйцу видео къобал а еш, «нахаца лелачу» махкахошна-мехкаршна таIзар дар нийса хетарш.
Кхушара «къоман сий лардечу» юкъараллаша юкъахбаьккхира Бишкекехь кхузаман арт-гайтам: «сов эвхьаза» ду бохура цара цигахь гойту суьрташ. Оццу юкъараллаша Зударийн дийнахь – Зазадоккху-беттан 8-чохь – дIасалаьхкира шайн бакъонаш эшайо аьлла, гуламе бевлла гIиргIазойн зударий. Ткъа оцу къепедацаршна бехке а бина, меттигерчу Iедало нах лийцира – гуламхошлара бара милцоша лецнарш, амма цхьа а ца лецира царна тIелеттачех.