Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Москвахь герз диттина Галаев хьалхо доьшучуьра дIаваьккхина хилла

Москвахь Ленинан проспектехь полисхошна тIе герз диттина ГIалгIайчуьра Галаев Ратмир, цо доьшучу меттигера дIаваьккхина хилла хьалхо, конфликт бахьанехь. Оьрсийчоьнан Талламан комитето дина цунах дIахьедар пIераскан дийнахь.


"Хеттарш динчу тешаша дийцарехь, схьаийна воцуш, амална чехка а волуш, хилла иза. ТIаьххьарчу шарахь цуьнан леларехь хийцамаш бара, даим а дов лоьхуш, лата лууш хуьлура иза боху. Хьалхо ша доьшучу меттигера а дIаваьккхина хиллера иза оцу бахьанашца. Наркотикаш оьзна а, къаьркъа мелла а гора шайна боху цуьнца цхьана дешначу бераша", - дийцина ТАСС агенталлана еллачу интервьюхь Москварчу Талламан комитетан Коьртачу урхаллан куьйгалхочо Стрижов Андрейс.


Цо дийцарехь, Галаевс дешначуьра а, иза ваьхначу меттигашкара а цунах лаьцна информаци ехна цара, иштта медицинан документаш а цхьана. И дерриге а оьшуш ду талламчашна, Галаев вовза а, веллачул тIаьхьа психологин-психиатрин экспертиза ян а боху хьаькамо.



Москвахь динчу тIелатарехь байначу беттан 15-чохь делкъал тIаьхьа лазийра ГИБДД-н ши полисхо. Некъан низам дохийна такси сацийна, машенлелорхочунна гIуда тоьхна, протокол хIотточу заманчохь машенна герга а веана, герзаш диттинера зуламхочо.
Цхьа могIа хаамийн гIирсаша Iораяьккхира жимчу стеган цIе - ГIалгIайчуьра схьаваьлла 24 шо долу Галаев Ратмир ву иза аьлла.
 "Интерфаксан" хаа таро хиллира кIентан гергарчу нахах. Мацах ГIалгIайчуьрчу Госнаркоконтролан оперативан декъан хиллачу куьйгалхочун, иштта оццу хьукматан урхалла динчун кIант ву боху Галаев. Цул совнаха, Галаевн ваша ГIалгIайчуьрчу полицин белхахо а ву. ГалаевгIеран вежарий бехачу Карабулакерчу а, Эккажакъонгий-Юртарчу а шина цIийнах хьовса бахана а хилла ницкъаллийн структурийн белхахой.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *