Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчочунна 10 шо кхайкхийна Венерчу кхело, Оьрсийчоьнан эскархошна тIелетарш дина аьлла

Нохчийчуьра 32 шо долу жимастаг зуламан гIуллакхашна бехкехилар тIечIагIдина еарин дийнахь Венерчу Лаьттан кхело. Цунна дуьхьалдаьккхина "Имарат Кавказ" тобанан могIаршкахь оьрсийн эскархошна тIелетарш кечдар, виъ салтий а вуьйш. Набахтехь даккха 10 шо хан кхайкхийна цунна. И хаам Iорабаьккхина Austria Presse Agentur (APA)хаамийн агенталло, кхелан информацина тIетевжина. Адвокаташ кхелан сацамна латкъамбан дагахь бу.


Австрин прокуратуро бехкаш дехкина кхеле хIоттийначунна, 2008 -чу шарера 2013-чу шаре кхаччалц террорхойн организацина юкъахь зуламаш дарна. Талламчаша бахарехь, оьрсийн эскархойн декъана тIелетта хилла иза 2014-чу шарахь, виъ оьрсийн эскархо а вуьйш. Оьрсийчохь а толлуш хилла оцу хьокъехь цуьнан гIуллакх, яздо APA агенталло.


Билгалдаьккхина, 32 шо долчу нохчочунна чевнаш йина хилар куьйгашна а, юьхьтIехь а, мина а иккхина 2013-чу шеран Гезгамашин-баттахь. Цуьнан гергарчара ГIалгIайчу валийна хиллера иза, цигара дIа къайлаха Австри дехьаваьккхинера. 2017-чу шеран Товбеца-баттахь шена тховкIело ехна хиллера цо Австрин Iедалшка. Умаров Докус буьйралла динчу террорхойн организацехь дакъалоцуш хилла иза еххачу заманчохь аьлла, шайга информаци кхаьчча, полисхоша лаьцна хиллера Нохчийчуьра вахархо, яздо Австрерчу хаамийн агенталло.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *