"Кхокхешна яа хIума яла" кхайкхам бинчу жигархочунна гIуда тоьхна Краснодарехь
ГIуда тоха бахьана даьлла дозанал арахьа вехачу оппозиционера Ходорковский Михаила Телеграмехь, Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь "Кхокхешна яа хIума ло" (къайлахчу маттаца: «Хабаровскерчу гуламхошна гIо де»), аьлла, хIоттийна пост Молодановс шен агIоне хIотторах. Иштта хаам бина "Юг. МБХ медиа" портале адвоката Беньяш Михаила.
Лецира Молоданов тахана краснодархоша хIоттийначу акцехь.
ДIадахначу шоьтан дийнахь а хилира Краснодарехь Хабаровскерчу гуламхошца гIолоцу акци, цигахь лецира кхо жигархо.
Хабаровскехь ткъеха де ду Iедало Москварчу набахтехь кхобучу мехкан губернаторан Фургал Сергейн агIолоцу бахархой иттаннаш эзарнашкахь гуламе бевлла Iа.