ДаIишхойх дIакхетта аьлла, шеконашка эцна Устрада-ГIалин вахархо
"Оцу жимчу стагана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна Зуламан кодексан 205.5-чу арктиклехь. 20 шаре гергга набахтехь яккха хан кхачайо цу кепарчу бехкана", - аьлла, дийцина агенталле.
Нохчийчуьрчу ницкъаллийн структурийн зерашца, 2013-чу шарера схьа дуьйна махкара Шема тIаме вахана 800 гергга меттигера вахархо. Хетарехь, царех дукхахберш байъина Шемахь а, Иракъехь а лаьттинчу тIемашкахь.