Оьрсийчоьнан 12 регионехь къайлах герз духку нах лецна ФСБ-но
Хьалхо дийца даьккхира, БуьритIехь хиллачу мэрах, Къилбаседа ХIирийчоьнан премьер-министр лаьттинчу Шаталов Михаилах шеконаш кхоллаяларх, цо герз латтийна хиларна. Цуьнан хьокъехь бехкзуламан гIуллакх диллинера.
Байначу беттан 13-чохь Ростовн кIоштарчу ФСБ-но дIахьедира, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн бен хаабелла шайна аьлла. Къайлахчу сервисийн белхахойн версица, цуьнан тобанхойн Iалашо хиллера полисхошна тIелетарш дан а, медицинан а, дешаран а хьукматашкахь теракташ дан а.
Мангал-беттан 30-чу дийнахь ФСБ-но дIахьедира, БуьритIехь дан лерина теракт юкъахдаьккхина шаьш аьлла. ДаIишхойн агIонча лерина, 30 шо долу Оьрсийчоьнан вахархо лаьцнера ФСБ-н белхахоша.