Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Президент Трамп дуьхьал ву, Царнаев вуьйш бина сацам юхаэцарна

Террорхо Царнаев Джохар вуьйш кхел кхочушяйта гIуртур бу федералан Iедалхой аьлла, дIахьедина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда. 2013-чу шарахь Бостонехь йоьдучу марафонехь кхо стаг а вуьйш, 280-на чевнаш а еш, теракт ярна бехкевеш ву шен вешица Тамерланца цхьана Царнаев. ПIераскан дийнахь апелляцин кхело юхабаьккхина Джохаран хьокъехь бина хилла шайн сацам.


"Бостонера террорхочунна Царнаев Джохарна санна вуьйш кхел йогIуш верг цхьа наггахь бен хир вац. "Пачхьалкхехь лелийначу къизаллашлахь уггар а вон теракт дара иза" аьлла, дIакхайкхийнера кхело. ХIетте а апелляцин кхело вен кхайкхош бина хилла сацам юхабаьккхина", - яздина Трампа шен Твиттерехь.


"Вайн пачхьалкхо магийта ца беза апелляцин сацам. Цул совнах, оцу процессо дуккха а хан дIалаьцна", - тIетоьхна президенто.


Апелляцин кхел тIетайра адвокаташна, Царнаевн кхел Бостонехь дIаяхьарна, аьтто ца баьллера оцу гIуллакхан озабезамаш ца бен бехккъасторхой вовшахтоха аьлла.


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн федералан аппеляцин кхело юхабаьккхина Бостонерчу марафонехь терроран тохар дарна Царнаев Джохар вен кхачош бина хилла сацам аьлла, яздира хаамашкахь шоьтан дийнахь.


Вен кхачор аппеляцин кхело юхадаккхаро дуьззина къаста ца до Царнаевх хиндерг. Цуьнан дов юхалиста дезар ду. Амма прокурорийн бакъо ю юха а иза вен кхачош болу сацам тIеэцийта хьовса.


Карладоккху, 2013-чу шеран Охан-беттан 15-чу дийнахь динчу лелхийтаршкахь велира ши стаг, лазийра 280. Зулам дина ши ваша лоцуш, полицино вийра воккхахволу Царнаев Тамерлан, лецира Джохар. Хиллачу кхело вежарий бехкебира терроран тохар дарна. 21 шо кхаьчначу ЖовхIарна вен кхачош сацам бира, шина вашас шаьш лаца тIаьхьабевллачу полисхойх цхьаъ вийна хилар а бехке а диллина.


Дареш дечу хенахь Царнаев Джохара дийцира талламчашка, шаьш лелха коьчалш вешин Тамерланан Массачусетс штатерчу Кембриджерчу петарахь кечйира, уьш еш шаьш туьканара эцначу пиротехникан патармех пайда ийцира, аьлла. Амма лерринчу ницкъашна ца карийра ларш цо дийцинарг бакъдеш.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *