Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Паччахь а, цуьнан леш а? Муха дерзадо Кадыровс къоман ламасташ "керлачу кепе"

Паччахь а, цуьнан леш а? Муха дерзадо Кадыровс къоман ламасташ

Москвара Нохчийчу валийна ахбIе сов жима стаг, нохчий. ХIиттийна уьш цхьана могIара, дов ду деш, "корта талхош йолу хIуманаш" лелорна. Боху, цара вон леларца "юьхьIаьржа хIиттадо дерриг нохчийн къам а, бусалба дин а". Кест-кеста гойту иштаниг республикехь. Шаьш оцу кепехь адамаш халкъанна хьалха хIитторах Iедалхоша олу "кхетош-кхиор" я "Iадаташ Iалашдайтар". Ткъа юьстахарчу эксперташна гарехь, халкъ къарден керла кеп ю иза, "бехкала баханарш" маьхза бацош, Iедална белхаш бан хIиттор – иза нах лолле эцар ду.

"Грозный" телеканало Марсхьокху-беттан 4-чу дийнахь гайтинчу сюжетехь, яххьех масканаш а йохкуш, кортош охьабахийтина лаьтта кегийнах. Царна дуьхьал лаьтта церан гергарнаш, Iасанашна тIебазбелла къаной а тIехь (Соьлжа-ГIалахь ю 30 градус сов бурко).

Оьрсийчоьнан депутата Делимханов Адама, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, вице-премьера Висмурадов Абузайда "яйна тIаьхье" ю и лаьттарш, боху, уьш муьлххачу а тайпа зуламхойх дIакхета тарло, кхойкху бахархой ишта нах гIарабаха. Кегийчара шаьш дохкодевлла, кхин зуламе хIуманаш лелор дац, чIагIойо.

Цаьрга мехаза белхаш бойтур бу махкахь. Корреспондента Батукаев Хьамзата дийцарехь, республикера дIасабахначу наха, стенггахь а уьш белахь а, шайн харцхьа леларца юьхьIаьржа хIиттадо шайн къам, уьш тергалбеш бу Оьрсийчоьнан регионашкарчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалша. ТIетуху, мехкан хьалханча Кадыров Рамзан юкъа ца воьллехь, низамца проблемаш хуьлуш яра махка схьабалийначийн.

Дуьххьара дац даймахкал арахьа "хьашт доцург лелорна" кегийнехан, Нохчийчу юха а балабой, юьхьъяхар. Лурчах гурахь Хасиев Турпал цIе йолу жима стаг, Москварчу метро чохь мерзачу хих дассаделла гIутакх, "Ахмат – сила! " мохь а бетташ, пассажирна тIеласторна, махка а валийна, дIагайтира телеканалехула. Дахначу Iай Хьалха-Мартанарчу кегийрхошка «кIинтIера довла» бахийтира шаьш наркотикаш лелорна. Кхушеран бIаьста Делимхановс Москвара махка кхачийра маларна, наркотикна тIебирзина, харцхьа лела нах.

Хадижат ю цхьа сакхт бахьанехь цкъа лаца а лаьцна, шина баттахь маьхза белхаш байтинчу стеган йиша. Цунна гарехь, хIинца нахала бахьначаьрга а бойтур бу маьхза цхьаьнхьа некъ бечу я гIишлош ечу меттехь белхаш.

"Нохчийчохь цкъа а лелла доцург ду иза. Бара тIемаш, ирча хьелаш лаьттина махкахь, амма тахана, маьрша ю бохучу заманахь санна юьхьIаьржа хIиттийна бац нах, оццул пайдабоцчу баьхна ца лелийна къаной. Хьалха хьо президент велахь а, милла а велахь а, къена стаг лара декхаре вара, цунна некъ бита догIура, мараэккхар а, куьг далар а дара жимачун санна, куьг воккхачун куьйга буха а хьош лора салам. ХIинца ша мел жима хьаькам волучо а, хан хьенан мел ю ца лоьруш, юьхь йоккху къанойн, уьш сийсазбо. Оцу харцонна дуьхьало йойла доцуш этIа дог. Цхьа Дела бен вац адамашна гIо деха висинарг. Тхан маршо езаш долу къам дакъаздаьккхина", - леткъа Хадижат.

Янгулбаев Абубакар юрист ву "Iазапна духьалояран комитетехь". Цунна хетарехь, хIинца лецначех цхьаберш дIахеца тарло, амма цхьа дакъа наркотикаш лелорна жоьпе озо мега.

"Мел гергара ву лаьцнарг Кадыровн, хIун дог-ойла ю полисхойн хьакаман, мел ахча ду волучийн иза мукъаваккха – оцо а, иштачу кхечу аьттонаша а къастабо лецначийн кхоллам", - боху Янгулбаевс. Цо "лолле эцар" олу нахе маьхза болхбайтарх.

Юристо тоьшалла дарехь, халкъ къинтIера даккхар нохчийн Iадатехь лелла кеп ю, амма стаг шен лаамехь, шегара даьллачух баккъал а къера а хуьлий, нах шена къинтIерабаха араволуш хилла, лаьцна валош ца хилла "къурд алийта". Стаго халкъ я "паччахь" вац кIинтIераваккха везаш, ша халахетар я зен дина волу стаг ву, амма мехкан куьйгалхоша шайн аьттонна, адам когакIел кхаба, лахдан, охьатаIо лелош ю и дайх йисина институт, аьлла хета Янгулбаевна. Иза тешна ву оцу хьесапехь лелочу Iадатан кепо адамийн бакъонаш, маршо хьошуш хиларх.

Ярлыкапов Ахьмад ву историн Iилманийн кандидат, Москварчу дипломатийн институтан (МГИМО) Кавказан проблемийн а, регионийн кхкармзаллин а центран белхахо. Цо иштта элира Кадыровс а, цуьнан гоно а "халкъ Iамош" пайдаоьцучу "нах кIинтIерабохуьйтучу барамех лаьцна: "Оцу керлачу кепах ламаст дина бевлла Iедалхой. Дайша лелийна кеп хийцина юкъаяьккхина. Керла ду шех Кадыровх "паччахь" алар а, халкъах жоп лучу даржийн хатI а. Нохчийчохь хьалха иштта ца хилла юкъаралла, цуьнан могIарашкахь лелла гIиллакхаш", - чIагIдо Ярлыкаповс.

"Вониг даьлча, стаг юьртах я махках воккхуш хилла. Ткъа махкара ша, шен лаамехь дIа а вахана, кхечунхьа шена ма-тов веха стаг лерина вац къоман гIиллакхашна тIехь саца, цуьнан бала бац децIахь шех аьндолчун. Цо къоман ламасташ цалардар кху заманахь цуьнан шен гIуллакх, оьздангалла ю, иза оцу я кхечу къомах вара аьлла, нийса дац даймахка иза ницкъаша дIатекхор. Ламасташ децIахь дитина цо. Зама хийцаелла", - боху Iилманчас-кавказхочо Ярлыкаповс.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Вооружённые мигранты пошли толпой на Кремль: "Свадебный подарок" может стать ключом к многолетней проблеме

Песков сообщил, что Путин 11 июня проведет встречу с главой МИД Турции Фиданом

Свыше половины российских работодателей поощряют трудоголизм

Ребята из Испании побывали в Москве на Всемирных играх юных соотечественников

Музыкальные новости

Глава СК Бастрыкин пообещал защитить гаишника Гусева от диаспоры и МВД Новосибирска

"СВЯТОЙ ЛЕНИН: сенсация о прогнозах направит Америку и Европу творить добро?!

Рекордная жара до +50 в России: Вильфанд предупреждает об Эль-Ниньо, которая принесет адскую жару

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

Новости России

Прогресс по проекту Амурского ГХК на конец мая 2024 г. превысил 49%

Территория инноваций подвела итоги работы на ПМЭФ-2024

Доллар дорожает третий день подряд утром 11 июня на белорусской бирже

Стала известна программа фестиваля «СтарТуй»

Экология в России и мире

Захарова: армянам - нота, апшеронцам – «да»

Proenza Schouler, коллекция pre-fall 2024

LISA FM Александр Белоносов выпустил альбом «Родина Сердца: Дневник Психолога»

Парадоксы двойного стандарта

Спорт в России и мире

Итальянский теннисист Янник Синнер впервые возглавил рейтинг ATP

Испанец Карлос Алькарас выиграл Открытый чемпионат Франции по теннису

«Мирра Андреева обладает удивительной выживаемостью» // Олимпийская чемпионка по теннису Елена Веснина об итогах женского Roland Garros

Джокович обратился к Алькарасу после победы на «Ролан Гаррос»

Moscow.media

Парадоксы двойного стандарта

Планируем зимний отпуск: мы знаем цену авиаперелета в Дубай на Новый год

Портативный сканер штрих-кодов Heroje C1271 промышленного класса

Моя кошка Валлетта







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *