Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Москвара цIабалийнарш "наркоманаш а, хулиганаш а бара" аьлла Кадыровн пресс-секретаро

Собарца, дуккха а деношкахь къахьегаро аьтто баьккхина наркотикаш марзъелла нохчийн кегийрхой Москвара цIа берзо аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Вахидов Iилмана шен инстаграмерчу аккаунтехь пIераскандийнахь.


Цо бахарехь, Москва дIадахана бераш шайн дайн-нанойн бIаьргаш хьалхара а девлла, харцхьа а лелаш, наркотикех детталуш хилла. Цаьргара кхин а вониг далале, хулиганаш а, наркоманаш а цIа а балийна, уьш меттахIиттийча гIоле ду боху Вахидовс.


"Пхеа минотехь юьхьIаьржа латтар тоьла, набахтехь шераш дохучул а", - аьлла Кадыровн пресс-секретаро.


Иштта цо билгалдаьккхина, цхьа могIа хаамийн гIирсаша "ницкъбина, нахана хьалха сийсазбина" бохуш, ден дIахьедарш, Нохчийчуьра бахархой юкъахь болуш криминалан хаамаш хиларе сатийсинчу церан кхочуш ца хилла лааамаш бу аьлла.


Карладоккху, карарчу беттан 4-чохь Москвахь "наркотикан а, психотропан а препараташ лелорна" лецначу кегийрхошца къамелаш дира пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а, вице-премьеро Висмурадов Абузайда а. "Чечня Сегодня" меттигерчу хаамийн агенталло бира цунах лаьцна хаам.


Видео тIехь гойтуш бу, Москвахь а, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а къепе йохийна кегийрхой (60 гергга стаг) Нохчийчу балийна, полисхошка а, муфтиятан векалшка а цаьрца профилактикан къамел дойтуш.


"Нохчийн гIиллакхаш цхьаьнга а дохадойтур дац" шаьш боху, видео тIехь бистхуьлучу хьаькамаша. Цара дIахьедарехь, низам ца лардийраш даймахка юха а балош, цаьрга кеп-кепара беза белхаш бойтур бу.



Кху шеран Зазадокху-баттахь хааме даьккхира, Москвара а, луларчу регионашкара а цIабалийначу кегийчу нахера бехкаш дахарх Делимхановс а, Алхановс а, Висмурадовс а, цара "наркотикаш лелийна, къаьркъанаш мийлина, къепе йохийна аьлла.
Куьршала кIоштарчу полицин декъан куьйгалхочо Агуев Рустама кхетош-кхиоран къамелаш дира изза бахьанашца лецна балийначу кегийрхошца.
Корта бахон молханаш лелийна аьлла, массарна а хьалха дIахIиттийна, жоп дийхира Хьалха-МартантIерачу бахархошкара а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *