Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 9 вахархо, цомгуш хилла – 333
![Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 9 вахархо, цомгуш хилла – 333](https://gdb.rferl.org/B621C6AC-2206-427B-B51E-E203E1A6266F_w800_h450.jpg)
Къилбаседа Кавказан мехкашкахь дийнахь-буса 9 стаг велла коронавирусах, ун кхеттарца билгалваьлла кхин а 333.
Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо бечу хаамца, уьнах дарбан хIусамашкахь кхоккха стаг кхелхина Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а, ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Краснодар-махкахь – цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лоруш ву 1072 вахархо.
Дийнахь-буса а, пандеми яьржичхьана а цомгуш хилла:
Ставропол-мохк +111 (9499)
Краснодар-мохк + 90 (9465)
Дагестан +49 (9763)
Адыгей +21 (3016)
ГIалгIайчоь +19 (3904)
ГIебарта-Балкхаройчоь +16 (6143)
Кхарачой-Чергазийчоь +11 (4562)
Нохчийчоь +6 (2158)
Къилшбаседа ХIирийчоь +5 (4635)
ГIалмакхойчоь +5 (3052)
Къилбаседа Кавказехь пандемин беттанашкахь цомгуш хилла, оперативан штабан хаамашца, 55 811 стаг. Ерриг а Оьрсийчохь и терахь кхаьчна 897 599 т1е.