Уьнах 8 стаг велла, кхин а 432 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса
![Уьнах 8 стаг велла, кхин а 432 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса](https://gdb.rferl.org/5478feb9-51d7-469f-9791-3c534d2eaab7_w800_h450.jpg)
Уьнна дуьхьалоечу Оьрсийчоьнан Оперативан штабо бечу хааца, Къилбаседа Кавказехь коронаривусах велла дийнахь-буса 8 вахархо, цомгуш хилла кхин а 432 стаг.
Дарбан х1усамашкарчу пациентех вирусах кхелхинарш бу Дагестанера а, Ставропол-махкара а кхоккха стаг, Краснодар-махкара – шиъ.
Пандемин лаьттачу юкъанна Кавказехь уьнах велла лору официало 1097 вахархо.
ТIаьххьарчу дийнахь-буса а, юхьанца схьа а цомгуш хилла нах:
Ставропол-мохк +130 (9829)
Краснодар-мохк + 88 (9730)
ГIалмакхойчоь +64 (3237)
Дагестан +56 (9917)
ГIалгIайчоь +27 (3981)
Адыгей +21 (3076)
Краснодар-мохк +16 (6190)
Кхарачой-Чергазийчоь +14 (4603)
Къилбаседа ХIирийчоь +9 (4659)
Нохчийчоь +7 (2177)
Къилбаседа Кавказехь коронавирусах цомгуш хилла официалан терахьашца 57 013 стаг. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 912 823.