16 нохчо лаьцна Францерчу Лакхара Марна департаментехь
Газето бахарехь, хьалхо шайн махкахочунна еттар дIадекха боьлхуш лецна нохчий. "КIант чIогIа ца лазийна. Ца эшна иза дарбан хIусаме вилла, еарин сарахь шен цIа вахана иза", - аьлла France Blue газете Лакхарчу Марнин префектурехь.
Хилларг толлуш ю Францера полици.
Ши бутт хьалха Францерчу Дижонехь дов иккхира Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачу наханна юкъахь. Массех дийне делира иза. Бахьана дара цигахь наркотикаш юхкурш 16 шо долчу нохчийн кIантанна тIелатар.
Байначу баттахь нохчаша кхеле дуккха а аьрзнаш чуделира Ниццерчу мэрна дуьхьал, цо шайна наркотикаш юхкучу нехан цIе тIекхоьллина, аьлла.