Ахча оьцуш федералан кхелахо лаьцна БуьритIехь
Хаам иштта бу: 150 эзар сом схьаоьцуш гучуваьлла БуьритIерачу Ленинан кIоштан кхелахо. Иза лаьцнарг ю Къилбаседа ХIирийчуьра ФСБ-н урхалла.
Кхаъ эцарна бекевечун цIе официалехь йовзуьйтуш яц цкъачунна, Кавказ. Реалиига ХIирийчуьрчу кхелашкара хьал уллера девзачу хьостано еллачу информацица, лаьцнарг ву кхелахо Антипов Радион. 14 шарахь бина цо кхелехь болх.
Хьалхо Дагестанехь кхелахо жоьпе озийра полицин цхьана куьйгалхочунна хIиттийна протоколаш хийцарна. Шен белхахочунна еттарна бехкевеш вара кхелахочо агIолаьцна полицин декъан буьйранча.