Нохчийчуьра 16 стаг лацарх вистхилла Францин министр
"Вайна массарна а хууш ду Нохчийчохь хуьлуш дерг, Францин пачхьалкхехь царна тховкIело стенна луш ю а. Амма цо бакъо ца ло царна францхойн дозана тIера къепе йохо, цхьанна бекхамаш бан, йа шайн низамаш дIахIитто. Нагахь санна, цунах лаьцна цхьанна дицлахь а, ас карладоккху, низам а ду тхан лелаш, кхел а ю", - аьлла Дарманена меттигерчу хаамийн гIирсашна еллачу интервьюхь.
Цо дийцарехь, лаьцначех кхоъ цхьа а бехк ца буьллуш, маьршаваьккхина.
Дахначу мукъаденошкахь дийца даьккхира, Нохчийчуьра схьаваьлла 16 вахархо лацарх Францин хаамийн гIирсашкахь.
Цара бахарехь, хьалхо шайн махкахочунна еттар дIадекъа боьлхуш лецнера нохчий. "КIант чIогIа ца лазийна. Ца эшна иза дарбан хIусаме вилла, еарин сарахь шен цIа вахана иза", - аьлла France Blue газете Лакхарчу Марнин префектурехь.
Ши бутт хьалха Францерчу Дижонехь дов иккхира Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачу наханна юкъахь. Массех дийне делира иза. Бахьана дара цигахь наркотикаш юхкурш I6 шо долчу нохчийн кIантанна тIелатар.
Байначу баттахь нохчаша кхеле дуккха а аьрзнаш чуделира Ниццерчу мэрна дуьхьал, цо шайна наркотикаш юхкучу нехан цIе тIекхоьллина, аьлла.