«Аэрофлотан» кеманаш кху шарахь Европе лела дуьйлалур ду аьлла, дегайовхо ю
"Россия 24" телеканалан эфирехь, кеманаш лелар ду аьлла, ладоьгIийла юй, шега хаьттича: "Ю дера. Цкъачунна Евробератн дукхахйолчу пачхьалкхаша чу ца дуьту вай. Шина кIиранчохь Евроберто луьстур ду хьал, цундела дегайовхо юьсу", - аьлла, жоп делла Савельевс.
Карарчу беттахь Оьрсийчуьра кеманаш лелар долийна Туркойчу, Танзане, Британи, Швейцари.
Оьрсийчоьнан бахархой хIинцале а кеманашна билеташ а оьцуш, отелаш лоьцуш, Керла шо Европехь дазда кечлуш бу. Дукхахболчара хоржу Таиланд, цигара дозанаш маца достур ду хууш доцушшехь.
Коронавирусан эпидемина тIехула Евроберто Зазадокху-бутт юккъе баьллачу хенахь дозанаш дIакъевлира. Товбеца-беттан 1-чу дийнера дуьйна шен-шен муьрехь схьаделла долор ду дозанаш аьлла, дIахьедира цхьа могIа пачхьалкхаша.