Шемахь динчу эккхийтарехь велла Оьрсийчоьнан инарла-майор
Куьйгайина граната эккхар бахьана долуш Шемахь велла инарла-майоран чинехь хилла тIеман хьехамча аьлла, журналисташка шинарин дийнахь хаамбина Оьрсийчоьнан тIеман министраллан пресс-гIуллакххоша, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.
ТАСС агенталло дийцарехь, Дейр-эз-Зора гIалина 15 километар генахь гуманиатаран акци дIа а яьхьна, Оьрсийчоьнан машенийн ковра юхайогIучу заманчохь некъа тIехь иккхина куьйгайина граната.
Чевнаш хилла кхаа оьрсийн эскархочунна, царех цхьаъ кхелхина, ТАСС агенталло билгалдаккхарца. Велларг тIеман хьехамча, инарла-майор хилла.
Кхечу хаамийн гIирсаша хаамбарехь, вуьйцург, 36-чу юкъарчу эскарийн буьйралла дечун гIовс волу инарла-майор Гладких Вячеслав ву.
ТIеман министро Шойгу Сергейс велла эпсар пачхьалкхан совгIат дала хьалхатеттина.