Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Август
2020
23

Новости за 19.08.2020

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь нах лецна, ГIалгIайчохь барт ийгIина, Шемахь инарла вийна

Соьлж-ГIалара пхи вахархо вигина, "Вайфондо" бахарехь; интернетехь оппозиционер Абадиев Идрис вуьйцучарна тIеIаткъам бина цуьнан гергарчара; Шемахь кхелхина Оьрсийчоьнан инарла-майор

Radiomarsho.com 

"Шаьш цхьа къам лору чергазийн тайпанаша". Оьрсийчоь халкъ дагардан кечлучу юкъанна

2021 шеран Охан-баттахь Оьрсийчуьра бахархой багарбийр бу Росстат урхалло. Шайн къоман барам мел гойтур бу статистико бен-башха дац чергазашна. Церан жигархоша стохка йолийна, дIахьош ю флешмоб, хештег ю цуьнан #ячеркесАты? ("Со чергази ву. Хьо? "). Оцу кепехь кхойкху цара адыгIашка цкъа къам хила. Доьзал дIаязбан керта баьхкинчу статисташка ала тарло, "тхо адыгIаш" ду, ткъа вукхара уьш дIаязбийр бу "кхин къаьмнаш" олучу категоре – дац официалехь "адыгI" къам. Цундела доьху жигархоша адыгIийн тайпанашка "чергазий" яздалар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Вайфонд": Соьлж-ГIалахь пхи стаг лачкъийна

Соьлж-ГIалахь махкара пхи вахархо вигина аьлла, хаамбина нохчийн бакъонашларъяран "Вайфонд" ассоциацис. Буьйцучарех цхьаъ Заурбеков Iусман ву, шолгIаниг цуьнан шича Заурбеков Абухьаьжа ву. Виъ стаг вайна кху беттан 17-чохь, Абухьаьжа де даьлча вигина. "Iадат" интернет-ресурсо а бина цунах хаам шайн Телеграмерчу аккаунтехь. Динах лаьцна интернетехь дитинчу йозанашна тIехула бигина хила тарло уьш, бакъонашларъярхойн хаамашца. Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша тIе а ца чIагIдина уьш лецар... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Зорбанера материалаш дIаяха бохуш, хьийзош ду шаьш аьлла, дIахьедина ГIалгIайчуьрчу блогерша

Интернетехь оппозиционер Абадиев Идрис вуьйцучуьра совца аьлла, цуьнан гергарчара тIеIаткъам бина шайна аьлла, дIахьедина ГIалгIайчуьрчу масех блогеро а, журналисто а. ГIалгIайчохь хиллачу митингийн протестхошна дуьхьал Абадиевс мукIарло динчул тIаьхьа, цара материалаш зорбане яьхча хилла ду иза. Журналисто Евлоева Изабеллас а, жигархочо Дзагиев Мустафас а дийцина цунах лаьцна Кавказ.Реалиига. "Сан доьзалехула со сацон гIоьртинера АбадиевгIар, - дийцина Евлоевас. Абадиевн уллорчу гергарчу стага сан вешига телефон тоьхна хиллера... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Цхьана дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 13 дархо. Вирус кхетта ву – 434

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу буса динчу зерашца, коронавирусан уьнах велла 13 стаг, ун даьржина кхин а 434 бахархошлахь. Эпидем ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан статистикаца, Дагестанехь велла виъ пациент, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь а, ГIалмакхойчохь а кхоккха стаг кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах хьалха ца ваьлла 1 124 пациент. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу литтаршца, къаьсттина дукха нах бу ун даьлла Ставрополан кIоштахь - 135 стаг: Ставрополан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ун дацахь, лоьрашка орца ма деха?

Кху деношкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бира махкахошка, коронавирусца йоьзна йоцу цамгар бахьанехь телефонехула лоьраш цIа ма беха, аьлла. Цо бахарехь, "иштачу наха шайн могашалла кхерамна кIел юьгу".

Radiomarsho.com 

Шемахь динчу эккхийтарехь велла Оьрсийчоьнан инарла-майор

Куьйгайина граната эккхар бахьана долуш Шемахь велла инарла-майоран чинехь хилла тIеман хьехамча аьлла, журналисташка шинарин дийнахь хаамбина Оьрсийчоьнан тIеман министраллан пресс-гIуллакххоша, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо. ТАСС агенталло дийцарехь, Дейр-эз-Зора гIалина 15 километар генахь гуманиатаран акци дIа а яьхьна, Оьрсийчоьнан машенийн ковра юхайогIучу заманчохь некъа тIехь иккхина куьйгайина граната. Чевнаш хилла кхаа оьрсийн эскархочунна, царех цхьаъ кхелхина, ТАСС агенталло билгалдаккхарца. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Масех шо хьалха лаьттах доьллина герз карийна Нохчийчохь

Хьалха-Мартанарчу Шалажехь лаьттах боьллина тIеман гIирс хIаллакбина Росгвардин а, ФСБ-н а белхахоша аьлла, хаам бина кхаарин дийнахь Росгвардин Къилбаседа Кавказерчу гонийн пресс-гIуллакххоша. Regnum агенталло бина цунах Лаьцна хаам. Герзаца цхьаьна лаьттах йоьллина хилла куьйгайина оьккхуьйтург а. Хетарехь, масех шо хьалха хьулйина зуламхойн къайле хилла иза аьлла, дIахьедина Росгвардин зорбанчаша. Маршо Радионо яздира, кху беттан 7-чохь 20-х сов шерашкахь лаьтта бухахь Iиллина кеманан ши бомба... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Умаеван яларца доьзна бехктакхаман гIуллакх доладе, аьлла Талламан комитето. Амма юха а Нохчийчохь

Шен 23 шо долу йоI Умаева Мадина цуьнан хIусамдас йийна хила тарло аьлла, нанас динчу дIахьедарца бехктакхаман гIуллакх доло йина дуьхьало юхаэца аьлла, хьехна Нохчийчуьрчу талламхошна. Бакъонашларъяран "Мемориал" центро шинарин дийнахь бинчу хаамца, Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу Талламан комитетан Коьртачу урхалло, кхара Умаеван кхалхар эвсара таллар тIедожош, динчу дехарна делла жоп ду иза. "Гуттар а санна, цхьа формале хIума ду хIара, - аьлла Кавказ.Реалиига "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *