7 пачхьалкхе кеманаш лелар юхаметтахIотто кечлуш ю Оьрсийчоь
Оперативан штабехь керлачу пачхьалкхашца кеманаш лелар схьаделлар тIе ца чIагIдина, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. "Карарчу хенахь кхечу пачхьалкхашка кеманаш лелор хьокъехь керла сацамаш бина бац", - дIахьедина оцу штабан векало.
Сацам кийча хила мегаш бу хIокху беттан 25-хь, иза дIакхайкхор бу оперативан штабан кхеташонехь, яздо "Известия" газето.
Европе баха аьтто хир бац массера а. Газетан хьастано дийцарехь, Франце а, Венгре а, Мальте а рейсаш схьаелла мегаш ю цу мехкашкахь баха кехаташ долчу а, цигахь болх бан бакъо йолчу а, лоьрашкара гIо оьшучу а нахана.
Дуьненаюкъара роже а, чартеран а рейсаш совцийра Оьрсийчоьнан Iедалша Зазадоккху-беттан 27-хь, COVID-19 коронавирусан инфекцин пандеми бахьана долуш. Премьер-министро Мишустин Михаила Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь цхьана декъана меттахIоттийра кеманаш лелар Британица а, Туркойчоьнца а, Танзаница а. Кху беттан 15-хь Iедало бакъо елира кеманаш лелийта Швейцаре.