Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь массанхьачул а хала ду ипотека эца
Ипотека эцадаларца иштта ледара ду хьал аннекси йинчу ГIирмехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Алтайхь а, Къилбаседа ХIирийчохь а.
Эксперташна хетарехь, бахьана хила тарло бахархошна ипотека эца цалаарца я банкаша иза эца аьтто беш бацарца.
2019-чу шеран рейтингехь уггаре ледара хьал дара ипотека эцарца Дагестанехь, Кхарачой-Чергазийчохь, Нохчийчохь.