ФСБ-но шена гIелоярх лаьцна арздина ГIалгIайчуьрчу вахархочо
Акиевс дийцарехь, Евлоевга ницкъаша даредайтина, цо а, цуьнан шичас, охьатохархлатархошлахь Азин чемпион волчу Евлоев Муслима а бевзаш боцчу цхьана наханна хIусам лаьцнера, ткъа уьш леррина операци дIахьош Iедалхоша байъина, аьлла. Цул совнаха, оьккху коьчал а карийна ЕвлоевгIеран цIийнах хьовсуш. Ткъа иза шен ю аьлла, ницкъаша куьг яздайтина Бахьавдига, боху бакъоларъярхочо.
Евлоевна ток йиттина, цо чIагIдарехь. И гIело ла а ца елла, кху беттан 9-чу дийнахь шен пхенаш а, гай а хедийна лаьцначо. Адвоката цунна экспертиза яйтар дехна иттех де хьалха, амма кхочуш данза дитина цуьнан дехар.
Хиламан хьокъехь ФСБ-н Къилбаседа ХIирийчоьнан урхалло йина комментари яц Кавказ.Реалиигахь.
Евлоев Бахьардинна цIийнах хьаьвсина кху беттан 6-чу буса. Карийна дуккха а низамо магош йоцу хIуманаш, лаьцна иза, террорхошна гIодеш ву аьлла.
Оццу буса хилла ницкъхой Евлоев Муслиман цIахь а. Юьхьанца баржийначу хаамаша бохура, иза вийна, амма тIаьхьо дIакхайкхийра, ведда аьлла. Карарчу хенахь каронза ву иза Iедална.
Хьалхо Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело талла тIеийцира Къилбаседа Кавказерчу 13 вахархочо шайна Iедалхоша гIелонаш йо аьлла дина арз.
Европан Кхеташоно 2019-чу шарахь Оьрсийчоьне кхайкхам бина Къилбаседа Кавказехь Iедалхошка адамашна гIелонаш яр сацадайта аьлла.