Къилбаседа Кавказехь 14 стаг кхелхина уьнах дийнахь-буса, 482 цомгуш хилла
Дагестанехь велла пхи дархо, Ставропол-махкахь а, ГIалмакхойчохь а – кхоккха, Краснодар-махкахь – шиъ, Адыгейхь – цхьаъ. Пандеми йолаелчхьана схьа коронавирусах велла Къилбаседа Кавказехь, официалан ститистико бахарехь, 1161 стаг.
Дийнахь-буса а, ун даржинчу ерриг а хенахь а цомгуш хилларш:
Ставропол-мохк +125 (11 606)
Краснодар-мохк + 84 (10 941)
Дагестан +72 (10 788)
ГIалмакхойчоь +68 (3981)
Кхарачой-Чергазийчоь +39 (4976)
ГIалгIайчоь +29 (4306)
ГIебарта-Балкхаройчоь +22 (6439)
Къилбаседа ХIирийчоь +20 (4860)
Адыгей +19 (3327)
Нохчийчоь +4 (2253)
COVID-19 уьнах Къилбаседа Кавказехь цомгуш хилларг верриг а ву 63 088 стаг, боху Оперативан штабан терахьаша. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь цомгуш хилла цунах 980 405 стаг.