Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс Евкуров некъахьовзаме нисвелла
![Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс Евкуров некъахьовзаме нисвелла](https://gdb.rferl.org/4FDDAE18-6EEB-4C00-859B-D65CC2DE0577_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовсан Евкуров Юнус-Бекан машен некъахьовзаме нисъелла Москвахь.
"1-чу Дубровски урамехь нисбелла некъахьовзам. Евкуров пассажиран меттехь хиина хилла машена чохь. Карарчу хенахь луьстуш ду бохам хилар", - хаам бина "РенТВ" телеканало.
"Известия" газето яздарехь, машен тIекхетта чохь бер долчу гIудалкхна, бер лазийна.
"112" телеграм-канало бечу хаамца, чолхе тIаьхьало йоцуш бирзина бохам.
Евкуров Юнус-Бек Оьрсийчоьнан министран гIовс хIоттийра стохка. Цул хьалха иза вара ГIалгIайчоьнан куьйгалхо. Дуккха а шерашкахь буьйранчин даржашкахь гIуллакх дина цо Оьрсийчоьнан эскарехь.