Латвино, Литвано, Эстонино дихкина шайн пачхьалкхашка бахка Лукашенкона а, Беларусин 29 хьаькамна а
Латвин а, Эстонин а чоьхьарчу гIуллакхийн министраллийн тептаршкахь ю 30 цIе. Литвас билгалъяьккхина Белорусин Iедалхойн 31 цIе.
Доккхачу декъанна, бу оцу тептарехь Лукашенко Александр а, цуьнан кIант Виктор а, ЦИК-ан куьйгалхо Ермошина Лидия а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Караев Юрий а, кхерамзаллан Кхеташонан секретарь Равков Андрей а, инарла прокурор Конюк Александр а, президентан администрацин урхалхо Сергеенко Игорь а, пачхьалкхан кхерамзаллан Комитетан куьйгалхо Вакульчик Валерий а, Талламан комитетан урхалхо Носкевич Иван а, кхинберш а.
Латвин арахьарчу гIуллакхийн министро Ринкевичс Эдгарса бахарехь, ханйоцуш ду царна пачхьалкхашка бахка дехкар.
Керла, нийсонца харжамаш дIабахьар а, ницкъаллийн структурашка протестхошна тIехь ницкъбар сацадайтар а тIедожош, Беларусехь хIинца а дIахьош ю акцеш. Канадас а, Британис а, кхин а масех Евробертан пачхьалкхаша а, иштта Беларусина луларчу Литвас а, Польшас а тIе а ца лоцу Беларусехь тIаьххьара хиллачу харжамийн жамIаш.
Хьалхо Европерчу парламентехь хьалхатеттинчу яккхийчу партеша персона нон грата аьлла, дIакхайкхийра Лукашенко. Иштта, дуьйцура, Евробарт Беларусин 15-20 вахархочунна дуьхьал санкцеш яха кечамбеш ю аьлла.
Дахначу пIераскан дийнахь Лукашенкос дош делира, шена дуьхьал экономикан а, кхинйолу а санкцеш яьхначу пачхьалкхашна Беларусино "жоп лур ду" аьлла.