Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Оьрсийчоьно дуьхьал бекхам беш Словакин кхо дипломат махкахвоккхуш ву

Братиславера шайн кхо дипломат араваккхарна дуьхьал бекхамбеш Москварчу Словакин векалтан кхо белхахо махкахвоккхуш ву Оьрсийчоьно. Пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь бина цунах хаам. Урхалле тIекхайкхийнера оршотан дийнахь  Словакин посол Припутен Петр.


"Бух боцуш Оьрсийчоьнан дипломатин кхо белхахо Словакера араваккхарна протест" дIахьейинера цуьнга, яздо министраллан хаамехь. Оцу бахьанашца, Оьрсийчоьно сацамбина, Москварчу Словакин векалтера дипломатин кхо белхахо шайн махкара араваккха аьлла, дIахаийтина Припутене. "Персона нон грата" кхайкхийна Словакин дипломатийн цIераш йовзуьйтуш яц.


Кху беттан 10-чохь Гуьржийчуьра схьаваьлла нохчо Хангошвили Зеламха 2019 шарахь Германехь вуьйш дакъалаьцна хиларх йолчу шеконца Словакино махкахваьккха сацам бира Оьрсийчоьнан кхо дипломат.


Цуьнца доьзна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан векала Ортагус Моргана Твиттерехь билгалдаьккхинера, и сацам нийса бу, цо гойту Братислава "я шен лаьтта тIехь а, я Европехь а лан лерина йоцийла Оьрсийчоьно политикан буха тIехь ден зуламаш", аьлла.


Марсхьокху-беттан 13-чу дийнале Словакера аравала декхаре вира Оьрсийчоьнан кхо дипломат. И нах къайлахчу сервисашна болхбеш хилар гучудаьлла, хаам баржийра Словакерчу Acktuality портало оршоьтан дийнахь. Москвано жоп деллера, ша гIулчаш йохур ю Братиславехь бинчу сацамна дуьхьал, аьлла.



Хангошвили Зеламха герз тоьхна вийра стохка Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь Берлинехь. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза.
Оьрсийчоьно тIе ца оьцу ша Хангошвили вейтина хилар. "Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, аьлла президента Путин Владимира. Карарчу хенахь Германино толлуш ду Хангошвили вер.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *