12 стаг велла уьнах Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса, 570 цомгуш хилла
Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабо дIахьедарца, Краснодаран кIоштахь кхелхина пхи дархо, Ставрополан кIоштахь виъ, Дагестанехь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ.
Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах велларг ву 1 184 стаг.
Къаьсттина дукха бу ун даьлларш ГIалмакхрйчохь – 132 пациент:
ГIалмакхойчохь +132 (4 269 ву эпидеми чуеачхьана) Ставрополан кIоштахь +128 (11 985)
Краснодаран махкахь + 87 (11 208)
Дагестанехь +71 (10 999)
Кхарачой-Чергазийчохь +49 (5 115)
ГIалгIайчохь +29 (4 397)
ГIебарта-Балкхаройчохь +26 (6 514)
Адыгейхь +22 (3386)
Къилбаседа ХIирийчохь +21 (4 922)
Нохчийчохь +5 (2 270)
Таханалерачу зерашца, Къилбаседа Кавказехь 64 676 стаг ву коронавирусан ун даьлла. Йоллу Оьрсийчохь билгалваьлла 995 319 стаг.
Федералан статистика ца йогIу меттигашкарчу терахьашца. Даржхоша цуьнан бахьана дузу пачхьалкхан коьртачу урхаллашкахь а, меттигашкахь а статистика лелоран кепаш тайп-тайпана хиларца.