Оьрсийчоьнан пхеа регионера даIишна ахчанаш латтийнарш лецна ФСБ-но
"ФСБ-но, Талламан комитетца а, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца а, Росфинмониторингца а, Росгвардица а юкъахь операци дIаяьхьира, Москвахь а, Москван кIоштахь а, Дагестанехь а, Красноярскан махкахь а, Ханты-Мансийн автономин гонашкахь а ахчанаш гулдеш, "Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанхойн хьашташна дIахьежийнарш лоьцуш", - аьлла, хамбина ТАСС агенталле ФСБ-н юкъараллашца зIенаш латточу центро.
Карарчу беттан 24-чохь ФСБ-но дIахьедира, Татарстанехь даIишхойн агIонча лацарх. Террорхошна ахчанаш а латтош, церан могIарш дузуш хиллера цо.