Нохчийчохь коронавирусан ун лахделла догIу
Могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана бахарехь, республикехь коронавирусан ун лахделла догIу. Иштта, министро билгалдаккхарехь, эпидемин тоделла догIу хьал кхиндIа а лардарехь оьшур ду тIейогIучу хенахь масканаш а, каранаш а лелор.