Шира килс "Тхаба-Ерды" йохка хилла Iалашо юхаэцна ГIалгIайчоьно
![Шира килс](https://gdb.rferl.org/502600f8-0090-4730-a14f-ced285c104fb_cx0_cy1_cw0_w800_h450.jpg)
ГIалгIайчоьнан Iедало юхаяккхина евзаш йолу ширачу заманара килс "Тхаба-Ерды" ханна йохка хилла шен Iалашо.
Синмехаллин и объект дIаяла сацам бина Джейрах-Iаьссан территорин музейга, хаамбо шен сайта тIехь республикан министрийн кабинето. Оцу хьокъехь омра дина ГIалгIайчоьнан премьер-министра Сластенин Владимира.
Килс Оьрсийчоьнан бахаман доладечу Росимуществон аукционе яьккхина хилар тидаме ийцира гIалгIайн блогерша. Цул тIаьхьа аукцинера дIаяьккхира и лот.
Тхаба-Ерды – Оьрсийчоьнан территори тIехь уггаре ширачу керста килсех ю. VIII – IX бIешерашкара ю иза.
Хьалхо хаам баьржира, йохош ю наха Тхаба-Ерды, аьлла. Чуьра пенаш бохийна цуьнан бевзаш боцчара.