Абхазино юхаелла икона дIаяхьа, Ингурин тIай тIе бахара гуьржийн политикаш
Инашвилис критика йина икона, цуьнан дешнашца аьлча, "юхаяийтарх баккхийбечу" журналисташна а, гуьржийн политикашна.
"Оха машарехьа гIулч яьккхинера, оцу бахьаница тхо аьшнаш до", – аьлла "Гуьржийчоьнан патриотийн альянсан" куьйгалхочо.
Абхазин бахархошка аьлла Инашвили Ирмас: "Сан вежарий, йижарий, суна шу дукха деза. Таханлерчу факто совцор дац вай вовшашна юкъа машар буьллучу новкъахь".
"Гуьржийчоьнан патриотийн альянс" партин декъашхоша а, оцу партин лидера Инашвилис а, шаьш Абхазе хьошалгIа догIуш Илорин килсанна совгIат деш еара еза икона.
Абхазин Килсан коьртачу кхеташоно дIахьедар даржийна, икона ша схьа ца оьцу, юхахьажайо, аьлла. Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь Гуьржийчу боьдучу некъа тIе, Ингури хин тIерачу тIай тIе, юхаяьхьира абхазоша икона.