Ставропол-махкара вахархо 14 шарна набахте хьажийна Басаевн тобанехь лелла хиларна
Талламан версица, 1999-чу шеран аьхка Нохчийчуьрчу тIемалой Iамочу "Кавказ" лагерехь Iемаш хилла Юмартов, цигахь хIоьттина "НогIийн жамаIате".
Набахте хьажийначун адвоката Айрапетян Наринес дийцарехь, кхело тидаме ца эцна тешех цхьамма, шегара Юмартовна дуьхьал дареш етташ дехира, аьлла, яздина кехат.
Стохка бIаьста лецира Юмартов Батырбек. Цо тIе ца эцна шена бехк. Ша дуьйцучу шеран аьхка ша вехачу Ставропол-махкарчу, Нефтекумскан кIоштарчу Кхара-Тюбе юьртара араваьлла а вац, чIагIдо цо.