Оппозиционерна-редакторна Майсиговна 5 шо хан тохар дехна ГIалгIайчоьнан прокуратуро
Iедална критика ярца евзачу "Фортанга" порталан хиллачу редакторна, шегахь наркотикаш карорна а, сепаратизманна а бехке вечу Майсигов Рашидна набахтехь даккха 5 шо хан тохар дехна кхеле ГIалгIайчоьнан прокуратуро. Оцу хьокъехь хаам бина Кавказ.Реалиига Майсиговн адвоката Аушев Мохьмада.
Адвокат тешна ву бехк доцчунна тIехь кхоьллина хиларх, цо дехна Майсигов мукъаваккхар. Гезгмашин-беттан 15-чу дийнахь хир ду девнан рогIера ладегIарш, пренешкахь къамел дийр ду бехкевечун шолгIачу адвокато.
Аушевс бахарехь, сепаратизманна Майсигов бехкевеш айдина шолгIа гIуллакх цкъачунна листа долоза ду кхело.
2019 шеран аьхка лецира Майсигов Рашид, бехке во наркотикаш лелорна. 2020 шеран Чиллан-баттахь, сепаратизм кхайкхош ву аьлла, Росфинмониторинго иза язвина сепаратистийн могIара. Оцу хьокъехь цунна дуьхьал айдина кхин а цхьа дов.
Телеграмехула "Фортанга" канало бовзийтара Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь къастийначу дозанна резабоцчу бахархойн Магасерчу дуьхьалонан гуламера хаамаш. Гулам бохийначул тIаьхьа долийра цуьнан жигархой лецар.