Хаамийн гIирсашкара: "тутмакхийн элин" Шалинский Ахьмадан йоккха гIап ю Нохчийчохь
Йоккха, хаза гIишло хьалакхиина Нохчийчохь, буто ков кхелина бархI са болчу седарчашца – криминалитетан вастаца, иза ю Домбаев Ахьмадан (тутмакхашлахь – Ахмед Шалинский), яздо URA.RU агенталло, шен хьосташна тIе а тевжаш.
"Ахьмадан ша ма-ярра йолу гIап ю Нохчийчохь. Масех метр лекхачу кертахь ду шиъ кхузза тIекIалдина цIа а, хьашташна оьшу цхьацца гIишлош а. Уьш йина безачу гIирсах, гобаьккхина хазйина ю", - довзуьйту агенталлина кхерамах ларлуш цIе ца яьккхинчу анонимо.
ГIопан масех сурт а гойту хьасто.
URA.RU агенталло бечу хаамца, Домбаев карарчу хенахь маьрша велахь а, цо "доладо" Челябинск махкарчу набахтех. Цигахь цо шен "тIехьажархой" латтабо.
Нохчийчуьрчу Шелара ву Домбаев. Москварчу тIеман кхело талораш дарна 2011-чу шарахь набахтехь яккха 10 шо хан туьйхира цунна. Текхана набахтеш Къилбаседа ХIирийчохь, Оренбурган а, Челябинскан а мехкашкахь. Маьршаваьлла, Нохчийчу юхавеана 2019-чу шарахь.
Набахтера мукъаваьлла дукха хан ялале иза Москва дIавахара ваха. Цо даймохк дIатассале дара мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шен ларам бац " тутмакхийн низамашка", " тутмакхийн элийн" шайн Нохчийчуьра гIуллакхаш дита дезар ду аьлча.
2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, Домбаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийна цо криминалитетан тIегIанашкахь лаккхара "дарж" шена тIеэцарна, аьлла. Талламо бахарехь, цунна "тажтиллина" иза БуьритIерачу №1 колонехь хан йоккхуш волчу шерашкахь.