Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Тепсуркаев Салманан дас бакъ бац аьлла Iедало шен воI хьийзорах лаьцна баржийна хаам

Вадийна волчу 19 шо долчу 1ADAT телеграм-каналан модераторан Тепсуркаев Салманан дас Тепсуркаев Ширванис видео яржийна, ткъа иза гайтина Инстаграмерчу "Грозный" телеканалан агIонехула Гезгмашин-беттан 12-чу дийнахь. Шен воI Нохчийчохь вац, аьлла цо.


"Сайн воI Салман чохь волчу оцу эхьечу видеох лаьцна ала лаьа суна. Иза мехкал арахьа вара, ша болх беш ву олура, тхоьга ладугIуш а вацара. Ткъа и хилларг иза волчу оцу меттехь хилла ду", - аьлла Тепсуркаев Салмана.


Цо дIахьедина, Нохчийчуьра Iедал декъахь дац воIаца нисделлачунна, и инцидент Нохчийчохь хилла а яцарна, аьлла.


КхидIа къамел деш Тепсуркаевс элира: "Вистхир вара со оцу тIехь пиар ян гIертачаьрга. Европехь болчу, цу тIехь баллаш яха гIертачу цхьацца нахе. Ма гIерта оцу юкъа, шуьга хоьттуш вац цхьа а, оха тхаьш къастийна, хIун, муха нисделла. И къасто тхуна гIодина республикерчу Iедало. Вайн Iедал а, вайн халкъ дац цигахь бехке. Иза махкал арахьа нисделла".


"ДIадирзина дерриг а", аьлла Тепсуркаев Ширванис.


Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь 1ADAT пабликехь араелира гIараяьккхина юьйцу видео. Иза Тепсуркаев Салмана ша хьажийна редакце, бохура хьостанан администрацино. Ша 1ADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе. Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага.



Телеграмерчу 1ADAT канало ша схьайиллинчу 5 бетта чохь шена гонах гулвина 6000 сов ешархо. "Кадыров Рамзанан режимна дуьхьаллаттархой" олу шаьш-шайх пабликан авторша. Цара дуьйцу, гойту махкахь нах лечкъорах лаьцна а, Iедалан белхахоша бахархошна бечу Iаткъамех лаьцна а.
"Iазапна дуьхьалоечу комитетан" юристаша арз хьажийна Тепсуркаев Салманан бакъонаш талхоран хьокъехь Европерчу адамийн бакъонийн бакъонийн кхеле.



 


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *