Сулейманов Юсуп. Дош
Сулейманов Юсуп
Дош
Шуьнан йист яййина, г1анта т1ехь вазлуш,
Ч1ог1а дош ахь алар тамаша бац.
Дош тоьлу, и делахь, даррехь, ша дазлуш,
Оьшшучохь сацадеш харцонан дарц.
Къеначун я беран дош чорде кагдеш,
Ма билла ахь цхьанна ца бог1у бехк.
Дош тоьлу, ахь алахь и, ткъесах тардеш,
Боданехь цо баккхахь серлонга некъ.
Собарца аьллачу цу дешан ч1аг1о
Мокхаза бердал а нуьцкъала ю.
Ткъа, бакъ дош бу стеган болатан аг1о.
Дош шалха даьллачохь сий а леш ду.