Шо кхаьчначу берана йиттинарг лоьху Нохчийчохь
![Шо кхаьчначу берана йиттинарг лоьху Нохчийчохь](https://gdb.rferl.org/92D5837D-5022-4D2A-AE2E-D3A1E997BA94_cx0_cy21_cw0_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан республикан прокуроран Абдул-Кадыров Шарпуддин тIедилларца, талла йолийна, берана къиза етташ социалан машанашкахула яьржина видео. Хетарехь, шо кхаьчна хир долчу берана тIехь къизаллаш лелош видео Iораяьккхира интернетехь кху деношкахь. Видео тIехь гуш ду - беран садукъош, коьртара месаш ийзош, бетах а, дегIа тIе а а цунна етташ.
"Карарчу заманчохь беран да-нана мила ду, я цуьнан цхьа кхин верас хилла-те зуьйш, инцидент хилла хан а къастош, дIахьош талламаш бу", - аьлла, хаамбина прокуратурано шайн инстаграмерчу официалан агIонехь.
2019 шеран аьхка 7 шо долу Ажигова Iайша, дегIа тIехь дуккха а чевнаш а йолуш, дарбан хIусаме йиллира. Талламо бахарехь, дейиша хиллера йоIанна тIехь гIело латтийнарг. ГIалгIайчуьра Москва йигира Iайша, цигахь цуьнан куьг дIадаккха дийзира лоьрийн.