"И кIант ша-башха ву". UFC-н куьйгалхочо Чимаев Хьамзатах лаьцна
Лас-Вегасерчу Fight Night 178 турнирехь Америкера латархо Миршерт Джеральд эшийначу Швецерчу латархочо Чимаев Хьамзата ша чIогIа цецвьккхина, аьлла UFC-юкъараллин куьйгалхочо Уайт Данас.
"Цкъа тоьхна. 17 секундехь. И кIант ша-башха ву. Со бизнесехь волу вуно дукха хан ю. Суна гина сийлахь-баккхий латархой богIуш а, боьлхуш а, амма иштаниг цкъа а ца гина", - яздина Уайта твиттерехь.
Шоьтан сарахь латар доладеллачу 17 секундехь накаутца шена дуьхьаллаьтта Миршерт Дональд а эшош, UFC-н толам баьккхира 26 шо долчу Чимаев Хьамзата. Уьссаза летта иза цигахь, тоьлла уьссазе а.
Чимаев Хьамзат Нохчийчуьра схьаваьлла, карарчу хенахь Швецехь веха спортхо ву. Шен карьера йолош, цо белхаш бина буса клубашна хадечу компанехь а, кхача шелбечу фабрикехь а.
Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь Чимаевс дийцира, шена спорт шен болх хета, цундела дозалла а доцуш къахьоьгу ша цигахь, аьлла. Шена ца хета ша Нурмагомедов Хьабибца летар ву аьлла, цо кеста октагон йита а тарло, бохура Чимаевс.