Европан кхел: Оьрсийчоьно 67 000 евро охьадилла деза ша гIело йинчу Худалов Муслимна
![Европан кхел: Оьрсийчоьно 67 000 евро охьадилла деза ша гIело йинчу Худалов Муслимна](https://gdb.rferl.org/3B58C1E6-065C-4639-9276-F0F80D121372_w800_h450.jpg)
Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь "ХудаловгIар Оьрсийчоьнна дуьхьал" цIе йолу дов дирзина Нохчийчуьра Худалов Муслим а, цуьнан нана Худалова Табарак а толарца.
Кхело Iазап латторна бехке йина Оьрсийчоь, цо Муслимна охьадуьллур ду компенсаци еш 67 эзар евро, ткъа цуьнан нанна – 2 эзар евро. И ахча Москвано кхелехь тоьллачарна дIадала деза шина бетта чохь.
Соьлжа-ГIаларчу Ленинан кIоштан полицино гIело латтийна Худалов Муслимна тIехь 2005-чу шарахь, етташ, ша Оьрсийчоьнан эскаршна тIелетта хиларх даре а дайтина. Каарачу хенахь Саратовна гергахь №4 набахти токхуш ву иза.
Европан кхело Оьрсийчоьне хаийтина таллам кхоччуш бина боцийла а, Худалов харцонца набахте кхачийна хилар а.