17 стаг велла уьнах, 603 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса
![17 стаг велла уьнах, 603 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса](https://gdb.rferl.org/579ed722-ad13-401b-bf90-8c3a8e1def12_cx0_cy10_cw0_w800_h450.jpg)
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 17 пациент, цомгуш хилла 603, хаам бо Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо.
Дагестанехь а, Краснодар-махкахь а велла пхиппа вахархо, Ставропол-махкахь – кхоъ, ГIалмакхойчохь – шиъ, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велларг ву официалан хаамашца 1508 стаг.
Дийнахь-буса а, пандемин берриг а муьрехь а цомгуш хилларш:
Ставропол-мохк +145 (14914)
Краснодар-мохк + 96 (13219)
Дагестан +83 (12768)
Кхарачой-Чергазийчоь-Черкесия +66 (6482)
ГIалмакхойчоь + 62 (5885)
ГIалгIайчоь + 48 (5279)
ГIебарта-Балкхаройчоь +43 (7319)
Къилбаседа Х1ирийчоь +33 (5541)
Адыгей +23 (3847)
Нохчийчоь + 4 (2388)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь цомгуш хилла лору статистико 77642 стаг. Ткъа ерриг Оьрсийчохь - 1 115 810*
*Оьрсийчоьнан официало аннекси йинчу ГIирмера терахьаш а яздо шен статистике.