World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ахмаров Азамат: "Юккъерчу оьмаршкахь нохчаша гуьржийн йоза лелош хилла"

ПРАГА---Нохчийчоьнан Iилманинй Академин археологаша хаамбина, юккъерчу оьмарера гуьржийн йозанан хIоллам карийна шайна аьлла, яздо "Эхо Кавказа" ресурсо. Итон-Кхелан кIоштахь карийначу тIулган блока тIехь йоза ду «асомтаврулин» шрифтехь дитина. Нохчийчоьнан Iилманийн Академин белхахочо-талламхочо Ахмаров Азамата болх бийр бу шен Гуьржийчуьрчу коллегаца оцу текстан шифр йостуш.




- Азамат, дийцахьа, хIун тIулг бу шуна карийнарг? ХIинццалц схьа цу кепара тIулгаш хаабеллий шуна? Муха тIекхечира шу цунна?


- Нагахь санна, Нохчийчоьнан Гуьржийчоьнца лаьттинчу уьйрашка вай кховдахь, гергарло лаьтта эзар шерашкахь. Бакъду, ширчу заманахь, юккъерчу оьмарехь лаьмнашкахь пайдаоьцуш хилла ширачу «асомтаврули» олучу шрифтех. Масала, муха хир дара, вай оьрсийн я ингалсан элпашца нохчийн дешнаш яздеш хилча, я эр ду вай, гуьржийн дешнаш оьрсийн шрифтехь яздича, изза ду хIара а. Шрифтах пайдаэцар олу кхунах. Дуьххьара хIара саннарш карийра 1975-чу шарахь. Нохч-ГIалгIайчоьнан Iилманан а, талламан а историн а, меттан а, литературан а институтан археологийн тобанна, Даутова Резедас куьйгалла а деш, ЦIайн-пхьеда олучу хIолламийн комплекс зуьйчу хенахь дечикан кад карийра, гуьржийн «асомтаврули» шрифтаца тIе язйина "Гизего" цIе а йолуш. Нохчийн цIе ю иза, амма гуьржийн элпашца язйина.


- Нохчийн йозанехь гуьржийн шрифт стенна лелош хилла-те? 


- Вай лулахой ма ду, шеко йоццуш... Суна хаьа, Гуьржийчохь бехаш, нохчийн маттахь къамел а деш, бацой хилар. Ткъа цара лелон дин керстан ду. Бу иштта кистой а. Ширачу заманера уьйраш ю уьш, тIаккха хаам вовшашка дIасакхачочу хенахь, цхьана йозанех пайдаэца дезаш хилла, цундела, вовшашца уьйраш чIогIа хиларна, лелош хилла-кх гуьржийн йоза. Кхин дIа, 1976-чу шарахь ЦIайн-пхьедехь Даутова Резедана карийра, тIехь язйина "Мадай" цIе а йолуш, керамикан куршка. Тамашен хIума ду, Мадай а нохчийн цIе ю. Дуьххьара караяьхкина хIуманаш ю уьш. Цул тIаьхьа хааелла артефакташ а, кхинйолу хIуманаш а Нохчийчохь тIемаш бирзинчул тIаьхьа Iилманийн Академерчу тхан Центрна керийна ю. ТIехь йозанаш долу тIулгийн пхи блок ю хьуна уьш.


- ХIара уггар а еха текст ю-кх, юй?


-ХIаъ, уггар а деха йоза ду хIинца карийначунна тIехь дерг. Кхул хьалха а Зумсойхь карийра уггар а еха текст. Цу тIехь яздина дара: "Ас ца латийна къа"- кхаа дашехь яздинарг еха текст лорийла ду. Хетарехь, цхьана килсаца доьзна ду и йоза.


- Керлачу йозанан шрифт хIинца а яьстина яц аш? ХIинца а хууш дац цу тIехь дерг хIун ду?


- ХIаъ, Гуьржийчуьрчу сайн белхан накъостаца, Тбилисерчу университетехь болх бечу филологин докторца Лабадзе Михаилца цхьана дийцарш дIахьош ву тхойшиъ. «Асомтаврулин» говзанча хилла ца Iаш, цо хецна буьйцу нохчийн мотт а, Iаламат эвсара ду тхуна цуьнца цхьана болх бар. ХIара тIаьххьара тхайн караяьхкинарш Дуьненаюкъарчу археологийн конференцехь гайта дагахь ду тхо. Кху шарахь Дагестанехь хIоттош ю иза. Охан-баттахь хир ю аьлла, дIакхайкхинера иза, амма, коронавирус бахьана долуш ГIадужу-беттан 27-чу дийне дIатеттинера. Оцу йозанан гочдар оха довзуьйтур ду конференцехь. Цхьана блока тIехь "Ас къа ца латийна" ду яздина, иштта кхечу тIулга тIехь "Тамар" ду. Вайна хууш ма-хиллара, Гуьржийчоьхь Тамара цIе Iаламат гоьяьлла ю. Тамара паччахь хилла Гуьржийчохь, цундела йозанан хатI X-XI-чу бIешерашкахь хиллачух тера ду. Шира хатI ду иза.


- Суна хаарехь, кху деношкхаь карийна бу-кх шуна и тIулг...


- ХIаъ, стомара хааелла тхуна йоза тIехь долу тIаьххьара блок.


- Гуьржийчуьрчу шун коллегана а хууш ду-кх цунах лаьцна?


- ХIаъ, зIенехь ду тхо. Ала мегар ду, 24 сахьтехь зIе латтайо оха.


- Шрифт хIинца а ястанза ю цо?


- Билггал цхьацца хьесапаш долуш ду цигахь яздинчух, амма, гой хьуна, Iилманча а ма волу гал, цундела юха а, юха а зен, талла дезаш хIума ду. Кхин а жимма хан оьшу тхуна. Герггара аьлча, динца доьзна ду цу тIера йоза, Iийса пайхамар а ву хьехош, са а ду цу тIехь  хьахийна, кхин а цхьацца меттигаш а буьйцу, амма цкъачунна царех дийца луур дац суна.




- Алахьа, кхул а хьалха карийна артефакташ, царех хIун до аш? Шайгахь Iалашъеш латтайо?


- Археологийн талламийн Центрехь лабаратори ю тхан, цигахь кечйо оха, гочйо, зорбане йоху, Нохчийчоьнан Къоман музейга дIало цул тIаьхьа. Цигахь таро хуьлу лаам болчийн уллора уьш ган а, йовза а.


- Оцу карийначу хIуманаш тIехь даим а хуьлу  «асомтаврули» алфавит, я, «нусхурин» элпаш хуьлу, я кхечу гуьржийн шираллин йозанехь тексташ хуьлу? 


- Вовшахъийначу элпашца дина йозанаш хуьлу цу тIулгаш тIехь, цхьадолу дешнаш «асомтаврулин» шрифтехь нисло, диссинарш «нусхурин» элпашца хуьлу. 


- Доцца дийцахьа, хьанна, муха карийра буьйцу тIулг?


- Йоза тIехь долу и тIулган блок гоьелира Итон-Кхелан кIоштахь. Ламанан зона ю иза, БIавлой-эхк олучу хинан чIожехь. БIавлой олу эвла ю цигахь, дохийна лаьттина маьждиг а долуш. Шайн ницкъаца и маьждиг тодан буьйлабеллачу меттигерчу бахархошна карийнера и тIулг. Юьртдега хаам бинера цара, цо кIоштан префекте дIахаийтинера. Иштта Iилманийн Академица зIене бевлира уьш, оцу сохьта цига дIакхаьчначу тхуна гира, билггал археологин хIоллам и хилар. Иштта цунах таллам бан схьабеара оха и тIулг.


- Ахь дийцарехь, карарчу хенахь цхьана Лабадзе Михаилца болх беш ду-кх шу?


- ХIаъ, кху муьрехь Лабадзеца ву со, хIунда аьлча, гуьржийн а, нохчийн а меттанийн говзанча иза волу дела. Нагахь санна, текст «асомтаврулих» пайда а оьцуш, нохчийн маттахь язйинехь, кхинболу говзанчаш цунах кхетар бац, нохчийн мотт хууш бацахь. Цундела иштта уникале стаг ву иза, тхуна цуьнца цхьана болхбан а атта ду. Гуьржийчохь дуккха а белхаш бу, вайн юкъарчу исторех лаьцна, вай даим а вовшашна гIо деш хиларх тоьшаллаш ден, со тешна ву, хIара юкъахь къахьегар бахьана долуш гергарчу заманчохь оцу белхашка хьовса тхан а таро хир ю аьлла.


Интервью кечйинарг Бочоришвили Кети

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Столичный суд арестовал 10 человек по делу о стрельбе у офиса Wildberriеs

Волшебная соль: за что мага Кашпировского обвинили в мошенничестве

Современные художники представили свой взгляд на Москву в парке "Зарядье"

Аналитики подсчитали расходы на владение недорогим белорусским кроссовером

Музыкальные новости

Росгвардия обеспечила правопорядок на футбольном матче «ЦСКА» - «Краснодар» в Москве

Ресторатор Дарья Полыгалина представит главную рюмочную Петербурга «ЦаЦа»

Эксперты назвали способ отремонтировать технику LG в условиях санкций

В Республике Таджикистан стартует проект «Русский язык: читаем, слушаем, смотрим в странах СНГ»

Новости России

Мошенники звонят родным пропавших без вести и военнопленных от лица РКК

Силовики завершили обыски у сооснователя маркетплейса Wildberries Бакальчука

«Динамо» потерпело пятое поражение в семи матчах КХЛ

Глава Ленинского округа Станислав Каторов вручил паспорта еще 7 школьникам

Экология в России и мире

Лучшие каратисты со всей России собрались в Екатеринбурге

«Сделай мне больно»: что такое мазохизм — разбираемся с психологом

Радио – всегда локальное медиа

Аделина Панина и ее «Белая книга» получили награду

Спорт в России и мире

Бьорн Борг рассказал, завершит ли карьеру Рафаэль Надаль на Кубке Лэйвера

Теннисистка Потапова: считаю Квинси Промеса одной из легенд «Спартака»

51 год назад прошла «Битва полов» между Билли Джин Кинг и Бобби Риггсом

Теннисистка Камилла Рахимова поднялась на 73-е место в рейтинге WTA

Moscow.media

«Аэродиск» реализовал поддержку группового управления ресурсами для эффективного выделения емкости СХД

Axenix открыла лабораторию искусственного интеллекта в Твери

Пластический хирург Александр Вдовин: мифы вокруг операции по удалению комков Биша

Массовая авария затруднила движения на бесплатном участке трассы М-4 Дон в Липецкой области







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *